Викторина "Ненан Мотт"

24.04.2025

Селхана, 2025-чу шеран оханан беттан ткъе кхоалг1ачу дийнахь,    вайн ишколехь д1адаьхьира Ненан меттан Денна лерина цхьаьнакхетар "Нохчийн маттах дош!"

8- чу классера дешархойн тобанаша дакъалацархойн кхеле дехкира ненан маттах долу шайн хаарш.

Тергамхойн куьйгалхочо Бектамирова 1елин Асета къаьстана тидаме ийцира г1иллакх-оьздангаллех долу кхиазхойн жоьпаш. "Ненан матто 1амадо Даймохк беза а, цо 1амадо нохчийн оьзда г1иллакхаш!"- билгалдаьккхира цо.

Дерзоран дешнашца гулбеллачаьрга йистхилира нохчийн меттан, литературин   хьехархо Амсадан Айза. Жигара дакъа лаьцначу дешархошна, Абубакарова Табарикна, Хадырова Мархина, Шидаев Сайфуллана, Сулейманов Мохьмадна, Солтыгова Аминина, Джанхутова Разитина даггара баркалла элира цо.

Маьлхан дуьне къагадеш,

Баланех вай лар а деш,

Массо бер а ирсе деш,

Бехийла вайн Ненан мотт!