РУБРИКА «НОХЧИЙН МЕТТАН НИЙСАЙАЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ».

04.04.2023

 ⠀ Дашехь мукъаза шалха ши элп йух-йуххе нислахь, хьалхарчу элпан шолгlа хьаьрк ца йаздо, ткъа шолгlа элп дуьззина дlайаздо. ⠀ Масала: [вокхкха] - воккха, [йукъкъе] - йуккъе, [цlоцІкъам] - цlоцкъам, [лачlкъа] - лачкъа, [могlгlара] - моггlара, [эхlхlай] - эххlай, [бахьхьаш] - баххьаш, [латlкъам] - латкъам, [даьтlтlа] - даьтт1а, [тlкъа] - ткъа, [цlкъа] - цкъа. ⠀ Билгалдаккхар. 1. Чолхечу дешнашкахь йух-йуххехь нисделла шина орамера шалха мукъаза элпаш дуьззина йаздо. Масала: йуьхькlам, йуьхькlайн. ⠀ Дешхьалхе тlекхетарца кхолладеллачу дешнашкахь ший а шалха мукъаза элп дуьззина йаздеш нисло. Масала: чекххьажар, чекххьовса, чекххьежа. ⠀ 2. Нагахь шалха кхо элп йух-йуххе нислахь, хьалхарчу шина элпан тlетуху хьаьркаш ца йаздо. Масала: [лечlкъкъашехь] - лечккъашехь, [lетІкъкъалц] - lетккъалц. ⠀ #нохчийнметтаншо #къоманседарчий #нохчийнметтаннийсайаздаранкоьртабакъонаш #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент